Книга - КЪУРЪАН ДЕШАРАН ДОЗАЛЛА

a
A

КЪУРЪАН ДЕШАРАН ДОЗАЛЛА
ХЬУСАЙН ШОВХАЛОВ


– Къуръан дешар йоккха сийлалла ю— Къуръан дешарх йоккха ял хуьлу— Къуръан доьшуш верг Аллах1ана герга вахна ву— Къуръан дешар доккха ирс ду— Къуръан доьшуш верг лаккхарчу даржехь хира ву— Къуръане ладохаран йоккха ял ю— Къуръанах лаьцна хаза дийцарш





КЪУРЪАН ДЕШАРАН ДОЗАЛЛА



ХЬУСАЙН ШОВХАЛОВ


СОВГ1АТАН ЛЕРИНА



© ХЬУСАЙН ШОВХАЛОВ, 2020



ISBN 978-5-0051-7807-7

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero


1998 шарахь цхьан дийнахь тхан нана Асет ойла юккъе яхна ц1аеара. Цо соьга элира:

«Ойла юккъехь цхьа зуда кхеттера суна маьждиг чуьра ара йолуш. Цуьнца къамел хилира сан. Иза ойла юккъахь долу юьртан-маьждиг чохь йолу хьуьжарехь берашна къуръан хьоьхуш хиллера. Цунан ц1е Пет1мат ю. Аса цуьнга хьо къуръан 1амада воуьйтур ву элира. Хьо иза йолчу юьртан-маьждиге хьуьжаре къуръан 1амада лела веза».



Иштта тхан нанас къуръан 1амада д1авелира со Пет1матиг. Сан итт шо дара. Цу хена суна дагахь дацара къуръан 1амада ваха. Амма тхан ненан беркат хьалха даьлла, цунна шен доьзал къуръан т1ехь кхиа лаарна, цо хьуьжаре араваьккхира со къуръан 1амада. Нана, ткъе цхьаъ шо хьалха ахь суна дина дика хьуна юха деара, Пет1матиг ахь суна 1амадайтина къуръан аса хьуна хьийхира ши шо хьалха. Цулт1ехь дуьйна иза доьшуш кху дийне схьеъна хьо 56-зза чекх а доккхуш. Хьайн хене, йоккхале ца хьоьжуш 1амийра ахь иза. Хьан бериге доьзале а 1амадайтира ахь къуръан деша. Баккъаллаъ, Делан къуръан дезначарех хилла хьо.



Пет1аматас къуръан 1амадира суна. 1аьрби маттахь язъя а 1амадира. Делан Элчани (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) нохчийн матте даьхна хьадийсаш а 1амадира. Дуккху пайде хьехарш а ийцира цуьнгара. Дукха бераш дара цуьнца къуръан 1амош. П1ерскан де доцург, х1ора дийнахь йиъ урок лора цо, х1ора урок шина сохьтехь луш. Хенан йоккха стаг яра иза, луш алап дацара цунна, берашгара я церан ц1ерачаьргара х1умма йоккхуш а яцара. Делахьаъ, и дериге тергал ца деш, Делан дуьхьа къуръан хьоьхура цо тхуна.



Тахана Пет1мат яц Дала къинхетам бойла цунах, амма цуьнан метта хиттина цуьнан мут1еламаш бу, цо хьехна къуръан хинцаъ хьоьхуш ду цуьнан мут1еламаш шеш 1амочу берашна. Цо хьехначу хьуьжар чохь цо 1амийна, къуръан т1ехь кхиийна бераш ду х1инца кхечарна хьоьхуш. Таханаъ Пет1амати беркат д1ахаьдда дац юьртан ох1лух. Ма говза хьоьхура ахь берашна. Уьш 1еха деш, х1оранца юкъа меттиг лохуш. Ма гена ойла йина хилла ахь айха хьоьхуш. Цундела, таханаъ ахь хьехна къуръан хьан мут1еламаш хьохуш ду. Къад ялар, хало хилар, бераш дог эт1а дар, хьарца лелар, и дериге хьо йоккха стаг йолушехь ла ловш, царех самукъа долуш, Делан дуьхьа Делан къуръан хьийхира ахь. Дала диканца бекхам бойла хьуна ахь Ше къуръан хьехарн.



Иштта со кхиинчул т1ехь со 1илм 1амо вахийтина, суна цу т1ехь г1о диначу тхай нена вашан Хьусайнан а совг1ат до аса х1ара жайна. Бусулба дина т1ехь ахь само ца яйтинехьара, 1илма деша ца вахийтинехьара, цу т1ехь г1о а ца динехьара, жималлехь айса 1амийна къуръан гуттар диц делла хила мегар суна. Амма ахь иза дериге дар бахьана долуш, къуръан кхиъ дика 1амо а, довза а, карла даккха а, цуьнан къайленаш йовза а аьтто хилира сан. Аллах1о диканца бекхам бойла хьуна!



Цундела, х1ара жайна сайн беркатечу ненан Асетин а, сайн хьалхарчу ларамечу къуръанан-хьехархон Пет1матин а, сайн нена вешин Хьусайнин а совг1ат до аса. Дала х1ар жайна шун дикачу 1амалшах дойла. Кхуьнан ял шун дикачу 1амалех хуьлийтийла. Шу ца хиллехьара къуръан 1амина хира дацара аса.



Дела реза хуьлда шуна массарна!




ДЕШХЬАЛХЕ


Бисмиллах1иррохьманиррохьийм



Хастам бу Аллах1ана вайна Къуръан деллачу. Цуьнца вайн дахар серладаьккхинчу. Цуьнца вайна ирс деллачу. Цуьнца дуьне а, эхарт а вайна довзийтинчу. Цуьнца вайх къинхетам биначу.

Делера салават а, салам а хуьлда Цуьнан Элчана Мухьаммадна а, цуьнан ох1луна а, асхьабашна а, церан некъа т1ехь волчу массо бусалбана а къемат де даллалц.



Лараме бусалба нах!

Бусалба доцу дерриге халкъаш вайх хьоьгуш ду, вайгахь долчу ни1матах. Иза шайгахь цахиларна вайца хьаг1 йолуш а бу. И ни1мат Сийлахь-деза Делан Къуръан ду.

Дала иза делла Шеца ийман диллинчу наханна. Вай ду-кх уьш. Вай Аллах1аца ийман диллина бусалбанаш ду.



Лараме бусалба стаг! Къуръан дешарна йоккха ял ю, еза 1амал ю иза, сийлахь х1ума ду. Дала Шен Къуръан деша аьлла вайга. Иза дешаран дозалла билгал а дина вайна. Делахьаъ, тахана вай Къуръан дешар т1ехь г1ийла ду. Вайха дукхахболучарна Къуръан деша ца хаа, ткъа иза г1алат ду. Цундела, Къуръан дешаран а, иза 1аморан а яьл а, дозалла а билгалла деш яздина аса х1ара жайна.

Х1унда аьлча нахана ца хаьа шаьш Къуръан дешча шайна мел яьл хуьлу, ткъа хаахьара цара иза доьшур дара. Цундела, хьуна г1оьнна ду х1ара жайна, х1ай бусалба ваша, йиша. Хьайна Къуръан дешча мел ял хуьлу хиъча, хьо иза дешар т1ехь кхин а сутара хир вуй хаьа суна. Х1унда аьлча, бусалбачу стеган куьцах ду йоккха ял хуьлу 1амал шена хиъча сихонца иза яр. Ткъа хьо бусалба ма ву, цундела хьоьца и куц дуй а, ахь Къуръан т1ехь къахьоьгур дуй а хаьа суна. Дала мукълахь!



    Шовхал Сайд-Селиман Хьусайн
    14/01/2020




МИЛЛИОНЕР


Къуръан Аллах1ан къамел ду. Ткъа Аллах1ан къамел уггаре деза а, дика а, хаза а, маттана мерза а ду. Делан Къуръан доьшуш хилча Делера йоккха ял хуьлу. Иза доьшуш волчо хьоьгуш долчу къинал дукха а хуьлуш.



Делан элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла:

<<Аллах1ан жайни[1 - – Къуръан.] чуьра хьарф ешначунна цхьа мела хуьлу, ткъа и мела итт мела санна бу[2 - – Тирмизий,2910.]>>.



Кху хьадисехь Делан элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) билгалдо вайна:

1-Къуръан т1ера цхьа хьарф (элп) дешначунна цхьа мела хуьлу.

2-И цхьа мела Дала итт меле кхочуш са боккху. Т1аккха цунна цхьа хьарф ешча итт мела хуьлу. Иза Делера йоккха комаьршалла ю Къуръан доьшучунна.

Мел йоккха комаьршалла ю иза Делера Шен Къуръан доьшучунна. Цхьауз къуръан дешначунна, цо иза уьттаза дешча санна мела хуьлу цунна!!



Делера ма доккха совг1ат ду иза декъала хилар лоьхучу стагна. Ахь Къуръан т1ера дешна долу муьлхха х1ума, ахь уьттаза дешча санна хуьлуш хилча, Къуръан дуккха а доьшуш хила ца веза хьо?

Къуръан т1ехь алсам къа хьоьгуш хила ца веза хьо, х1ай Делан лай?

Цу т1ехь само ян еза ахь, х1ай Къуръанаца ийман диллинарг.



Хьуна цхьа х1ума хаьий? Дерриге Къуръан цкъа дешна чекхдаьккхича мел ял хуьлу хаьий хьуна?

Дерриге Къуръан цкъа дешна чекхдаьккхича кхо миллион кхо б1е эзар (3300 000) мела хуьлу!!!

Ткъа и кхо миллион кхо б1е эзар уьттаза са даьккхича мел мела хуьлу хаьий хьуна?!

Аллах1у Акбар!

Дагар де… ойла е… дуста хьайн дагахь…

Иза хуьлу ткъе кхойтта миллион (33 000 000) мела хуьлу!!!

Аллах1у Акбар!!

Миллионер ву-кх хьо!!

Х1ай Аллах1ан лай, ахь ойла йой цу белхан? Ткъе кхойтта миллион ял хуьлу хьуна ахь цкъа Къуръан чекхдаьккхича. Я Аллах1, ма доккха ни1мат ду иза.

Цхьа х1ума ала соьга, Дела Къинхетаме вуй хаьа-кх хьуна. Ткъа Цуьнан къинхетам мел боккха бу хьуна хаа лаахь, хьажа аса хьайга х1инца эр долчуьнга.

Дикка ешалахь.



Дала Къуръан чохь аьлла:

Баккъалла а, дикачу (мелехь долучу) х1уманаша вониш (къинош) д1адоху[3 - – Х1уд, аят: 114.].



И х1ун бохург ду хаьий хьуна?!

Иза дера ду стага динчу цхьана диканна дуьхьал Дала цу стеган цхьа вон д1адоккху, цунна къинт1ера а волу.

Ткъа ахь ойла е. Стага цкъа Къуръан дешна чекхдаьккхича, цунна ткъе кхойтта миллион дика хуьлуш хилча, оццул Дала цу стеган къинош геч а дой д1адоху цу стагана т1ера!!!

Аллах1у Акбар!

Ла? ила?х1а иллаллох1!

Я Аллах1, ма доккха х1ума ду иза!

Ахь ойла е, оццул къинош стагана т1ера д1адохуша хилча, къа диса а дуьсур дуй-те цунна т1ехь. Я Аллах1, ма боккха бу-кх Хьан къинхетам тхьоьца! Я Аллах1! Ма доккха дика дина Ахь тхуна Хьайн Къуръан даларца, иза тхуна деша могашалла яларца, иза тхуна 1амадарца, иза тхоьга дешийтарца. Хастам бу Хьуна, х1ай тхан везан Дела! Хастам бу Хьуна!



Суна схьахетарехь, х1ара хиъначул т1аьхьа цхьа а 1ийр вац Къуръан ца доьшуш, иза шена деша ца 1амош! Къуръан 1ама а дина, юх-юха чекхдаккха ца лууш цхьа а вуьсур ву аьлла ца хета суна.

Вай тидам ца бо Къуръан т1ера цхьа элп дешча итт элп дешча санна мела хуьлу бохучун, амма хьо иза дагардан воьлча хьераваллал х1ума карадо. Цундела, Къуръан деша деза вай. Дуккха а деша деза, ваьшна дуккха а мела баккхархьама, эхартахь вайна цунах бекхам хилийтархьама.



Амма тахана вай Къуръан т1ехь къахьегарца г1ийла ду. Къезиг нах бен бац Къуръан доьшуш 1амал еш берш. Дуккха нахана Къуръан деша ца хаьа. Ткъа цул а галдаьлларг – иза шена деша 1ама а аца г1оьрта. Тайпа-тайпана бахьанаш лоьху: «хан яц, 1емар дац, воккха хилла, жима вац, корта бац, д1алацалур дац, ва.. ва… ва..» – иштта д1а кхин а дуккха а бахьанаш.



Амма хан хуьлу цуьнан деха сахьтанашкахь телевизор хьежа а, телефон чу хьежа а, накъосташца хан яккха а, шен г1уллакхаш дан а, амма цу Къуръан т1е куьг ца кхочу-кх цуьнан. Къуръанна хан ца карайо-кх цунна. Иза бакъ дац. Бакъдерг, цунна лаам ца карабар ду. Иза ду бакъдолу жоп.

Лаам ца хилар – Эхартан са къезиг гаттадар. Дуьне хьалха даьккхина хилар, эхарт т1аьхьа а теттина. Дуьне ма лаха ца боху бусалбачу дино, амма иза Къуръан д1а а тасий ма лаха боху, Къуръанац лаха боху, т1аккха хьайн г1уллакхех беркат хир ду хьуна.

Тахана хьуна цхьа болх нисбелча, цунах хьуна луш долу алапа уьттаза са доккхуш хилча, иза болуьйтур барий ахь ца беш?

Бацара. Вайх цхьаммо а бацара.

Цу белхан алапа ткъе кхойтта миллион хилча ца беш 1ийр дарий вай иза?

Аьттехьа а дацара!

Х1унда аьлча, миллионер хир вар-кх хьоьх т1аккха. Ткъа хьанна ца лаьа миллионер хила?! Массарна лаьа. Бакъду, бакъдолу миллионаш эхартахь хьуна карор дерш ду хьуна. Дуьнен миллионаш дуьненахь дуьтура ду ахь, эхартахь хьоьца хир дац уьш. Амма ахь Къуръан доьшуш гулбина миллионашкахь болу мела эхартахь карор бу хьуна.

Т1аккха вац хьо миллионер?!

Дера ву-кх, Къуръан доьшуш верг бакъволу миллионер а, миллиардер а!!



Цундела, дуьненан дуьхьа вай и къахьоьгур хилча, эхартан дуьхьа а къахьега ца деза вай?

Вайна даима дуьсур дерг эхарт дац?

Дуьне дита а дитина д1аг1ур долуш дац вай эхарта, ткъа цига вай д1ахьур долчу уггаре даккхийчу а, дукхачу а диканех ма ду Къуръан дешар. Цу т1ехь ойла е, х1ай Делан Къуръанаца ийман диллина бусалба стаг!



Ахь бахьанаш лоьхур-м ду, амма хьуна хьайна ма хаьа, хьайн кийрахь, ахь лоьху бахьанаш мел бакъ ду. Хьажа, Дала Къуръан чохь х1ун боху бахьанех лаьцна:

<<Адам шен кийрахь дерг дикох хууш ду. Цо мел бахьанаш даладахь а[4 - – Аль-къияма, 14.]>>.



Тахана Къуръан 1амадан аьтто бац хьан? Иза хьуна 1амадан цхьа вац? Могашалла яц хьан? Аьтто бац хьан?

Я лаам бац-те?



Дала Къуръан чохь ма боху:

<<Баккъалла а, Къуръан деша атта дина Ас, цхьа вуй иза деша лууш[5 - – Аль-къамар, 22.]>>.



Аллах1у Акбар!

Дала Ша атта дина боху Къуръан деша луучунна, мила ву из деша лууш, Аса цунна 1амор ду иза – боху Дала. Дела ма ву хьуна Къуръан 1омуьйтуш верг, хьо ма вац. Цо г1о дийр ду хьуна иза 1амадан.

Бакъду, Къуръан 1амо уггаре дика хан жималла ю. Ткъа жималлехь 1амадар ца нисделлехь, воккха хилча 1ама ма де бохург ма дац иза. Къуръан жимачунна а, воккхачунна а доссийна ма ду Дала.

Тахана вайна гуш ма ду, къаналле бирзина болчу дукха наха Къуръан 1амадеш, дуккха а деша а доьшуш чекхдоккхуш схьабог1уш буй.



Цундела, цу йоккхачу йолах ма валалахь, х1ай бусалба стаг, бак

къалла а Дала боккха къинхетам бина хьоьх хьо бусулба варца, хьуна Къуръан даларца, из дешча оццул йоккха ял яларца, хьуна иза 1амадан аьтто барца, иза 1амо атта хилийтарца.




КЪУРЪАН ДОЬШУШ ВЕРГ

СТОЬМЕХ ТЕРА ВУ


Къуръан доьшуш къахьоьгуш верг дикачу стоьмех тарвина вайн Элчано (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна). Иза стоьмех тарвар цхьана доккхачу хьикматана ду. Хьажал:



Делан элчано (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла:

<<Къуръан доьшуш волу муъмин стаг стоьмех (цитрон) тера ву: Хьожа а дика ю цуьнан, чам а дика бу цуьнан. Амма Къуръан ца доьшуш волу муъмин стаг тамрах (екъачу хурмах) тера ву: Хьожа яц цуьнан, амма чам мерза бу[6 - – Муслим, 797.]>>.



Кху хьадисехь Делан элчано (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) бусалбачу стеган Къуръанац долу хьал билгалдо. Шина кепе вина цо иза.

Цхьаъ Къуръан доьшуш верг ву. Иза цитрон олучу стоьмех тарвина, и санна ву аьлла. Х1унда аьлча, цитрон стом шен чам а, хьожа а йолуш бу. Шех хаза хьожа йог1уш, мерза чам болуш стом бу иза. Иштта ву Къуръан доьшуш волу бусалба стаг а.

Шен чам мерза бу цуьнан, хьожа а хаза ю цуьнан. И бохург шен кийрахь дика ву иза, ткъа шен дикалла шена гонаха болчарна д1алуш а ву иза, стоьмо шен хьожа д1аяларе тера. Цунна уллехь нислучунна цуьнан дикалла хаало.



Амма Къуръан доьшуш воцу бусалба стаг якъаеллачу хурманах тарвина. Якъаеллачу хурмана чам мерза хуьлу, амма хьожа ца хуьлу цуьнан. Цу кепара ву Къуръан доьшуш воцу бусалба стаг, шен кийрахь дика ву иза, амма шена гонахачарна шен дикалла даиманна д1алуш вац иза. Цунна т1ецатоьург Къуръан ду. Кхочуш дуьззина дац цуьнан бусулбаналла. Амма Къуръан доьшуш иза хилча, цунна гонаха болчарна хаало, цуьнан беркат кхочу цаьрга.



Ишттачу стоьмех тарвина Делан элчано (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) Къуръан доьшуш а, ца доьшуш а волу бусалба стаг.

И шиъ стоьмех тарварца Делан элчанна (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) лууш дерг вай кхеташ долу масала даладар ду. Вайна хаьа шен чам а, хьожа а дика йолу стом г1олехьо буй, шен чам дика а болуш, амма хьожа йоцчу стоьмел.



Делахьа а Къуръан доьшуш вацара аьлла иза дика стаг вац ца бах Делан Элчано (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна). Иза бусалба стаг хиларца, цуьнан чам дика бу бах цо. Амма и чам шен хьожанца кхечарна дехьа ца болу цуьнан, иза Къуръан доьшуш цахиларна, цундела кхоччуш дикалла яржош вуьззина вац иза бохург ду иза.





Конец ознакомительного фрагмента. Получить полную версию книги.


Текст предоставлен ООО «ЛитРес».

Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию (https://www.litres.ru/pages/biblio_book/?art=63177907) на ЛитРес.

Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.



notes


Примечания





1


– Къуръан.




2


– Тирмизий,2910.




3


– Х1уд, аят: 114.




4


– Аль-къияма, 14.




5


– Аль-къамар, 22.




6


– Муслим, 797.



— Къуръан дешар йоккха сийлалла ю — Къуръан дешарх йоккха ял хуьлу — Къуръан доьшуш верг Аллах1ана герга вахна ву — Къуръан дешар доккха ирс ду — Къуръан доьшуш верг лаккхарчу даржехь хира ву — Къуръане ладохаран йоккха ял ю — Къуръанах лаьцна хаза дийцарш

Как скачать книгу - "КЪУРЪАН ДЕШАРАН ДОЗАЛЛА" в fb2, ePub, txt и других форматах?

  1. Нажмите на кнопку "полная версия" справа от обложки книги на версии сайта для ПК или под обложкой на мобюильной версии сайта
    Полная версия книги
  2. Купите книгу на литресе по кнопке со скриншота
    Пример кнопки для покупки книги
    Если книга "КЪУРЪАН ДЕШАРАН ДОЗАЛЛА" доступна в бесплатно то будет вот такая кнопка
    Пример кнопки, если книга бесплатная
  3. Выполните вход в личный кабинет на сайте ЛитРес с вашим логином и паролем.
  4. В правом верхнем углу сайта нажмите «Мои книги» и перейдите в подраздел «Мои».
  5. Нажмите на обложку книги -"КЪУРЪАН ДЕШАРАН ДОЗАЛЛА", чтобы скачать книгу для телефона или на ПК.
    Аудиокнига - «КЪУРЪАН ДЕШАРАН ДОЗАЛЛА»
  6. В разделе «Скачать в виде файла» нажмите на нужный вам формат файла:

    Для чтения на телефоне подойдут следующие форматы (при клике на формат вы можете сразу скачать бесплатно фрагмент книги "КЪУРЪАН ДЕШАРАН ДОЗАЛЛА" для ознакомления):

    • FB2 - Для телефонов, планшетов на Android, электронных книг (кроме Kindle) и других программ
    • EPUB - подходит для устройств на ios (iPhone, iPad, Mac) и большинства приложений для чтения

    Для чтения на компьютере подходят форматы:

    • TXT - можно открыть на любом компьютере в текстовом редакторе
    • RTF - также можно открыть на любом ПК
    • A4 PDF - открывается в программе Adobe Reader

    Другие форматы:

    • MOBI - подходит для электронных книг Kindle и Android-приложений
    • IOS.EPUB - идеально подойдет для iPhone и iPad
    • A6 PDF - оптимизирован и подойдет для смартфонов
    • FB3 - более развитый формат FB2

  7. Сохраните файл на свой компьютер или телефоне.

Видео по теме - Къуръан дешаран дозалла
Последние отзывы
Оставьте отзыв к любой книге и его увидят десятки тысяч людей!
  • константин александрович обрезанов:
    3★
    21.08.2023
  • константин александрович обрезанов:
    3.1★
    11.08.2023
  • Добавить комментарий

    Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *